...
Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Главная страница » Литература » Дашо мухIар
Дашо мухIар Берсанов Хожа-Ахьмад

Аттракцион

I

ГIалахь вехаш вара Iимран. Дуккха а доттагIий бара цуьнан: оьрси Виктор, эрмло Жора, гIалгIай ТугIан, нохчий Султан, Вахий. Мукъачу дийнахь цхьаьна кино я музей боьлхурауьш. Ткъа аьхка лийча оьхура.

Кху аьхка Виктор шен ден да волчу Краснодаре, ТугIан шен ден наний, ден вежарий болчу Несаре, Жора пионерски лагере вахара.

Иштта, доттагIий дIай-схьай а бекъабелла, цхьа висира Iимран.

Ткъа Iимрана а яьккхира хьошалгIа вахна юьртахь цхьа кIеззиг зама.

ГIаларчу базарна генахь яцара Iимран веха хIусам.

Ша реза йоллуш чохь-кертахь гIуллакхаш дина ваьлча, кIентан дог хьостуш:

- Iимран, лаахь кино а, лаахь цирке а гIо хьайна - аьлла, билеташ эца а, марожнех дохка а ахча а делла, гIали юкъа вахийтира иза нанас.

Бакъду, Iимранна базарарчу циркан аттракционе хьажа лиира. ХIунда аьлча, цигахь караIамийна ча ю аьлла хезнера цунна.

Ча чохь кхобуш йолу аьчкан клетка аттракционна арахьа лаьттара. Юххехула тIех а дуьйлуш, дIа-схьай лела адамаш хуьйсура цуьнга.

Аттракционан программа йолалуш, цу клетки чуьра ара а йоккхий, программехь дакъа лаца дIаюьгура ча. Иза дIайиггалц йолчу хенахь клеткина юххе тIе а воьдий, ча хьоьстуш, цуьнца тергарло теснера Iимрана. ХIора дийнахь бохург санна воьдура иза ча йолчу.

Цкъа, цхьана сарахь, базарара чуеанчу лулахочо Iимранан нене цец юьйлуш дуьйцура:

- Хьажахьа, Тамара, ма тамашийна хIума ду-кх оцу базарарчу бутки чохь дерг. Гиний хьуна цхьа лекхо а йолуш горга хIума? Леррина цу чохь лелориг хIун ду хьажа тIеяхна хаьтти аса, хIара хIун ю? - аьлла, «антарциклон» бахара я цхьа циклон ю-м бахара цара.

- Мичара «антарциклон», аттракцион олий цунах-м - гIадъоьхуш воьлура Iимран.

- ХIаа «антарцикон» бахара хьуна. ХIуъа елахь а иза яр-кх и. Чу а яхана со-суо ца хьаьжча гIуллакх хир долуш дацара-кх. Ялх шай делла билет а эцна, чуяха со. «ЭxI, и тамашина хIума дара. Шен бIаьрга ца гинарг тешар вацара цу чохь лелочух. Теша муха теша бозбуанчаллех. «Дарр-р-р-ринехь» гондхьашхула пена тIехула мотцикнеташ хоьхкуш цара лелийнарг! Ванах хIара гIенах ду техьа, я самах ду техьа бохуш, лерана хьоьжу со. Хьан бIаьргашна а гуш чухула хехкалуш бу-кх. Иза бакъ хилча охьа ца оьгуш, муха буьсар бара уьш! - бохуш, цец юьйлуш дуьйцура Алпатус.

- Бозбуанчал дац иза, Алпату, бакъдерг ду - суна а ма гина уьш - бахара Iимрана.

- Хила а там бу. Суна стенах хуур ду иза, цкъа бен уьш ловзуш гина а ца хилча. И дера дицлур дара хьуна чано матцикнет хохкуш гинехь. Хьажахь, вайн устазора, стага санна, ша тIе а хиъна, хоьхкуш го ма туьйсуьйтора цо оцу матцикнете, дар-р-р-р-ринехь!

- Iамийна иза матциклет хахка. Со а ву цунна хелхар Iамош.

- ДIавалахь дIа, мичара хелхар Iамор дара ахьа цунна! Со леян гIерта-кх хьо а. - Ца тешара Алпату Iимрана дуьйцучух.

- Делахь-хIета тахана делкъал тIаьхьа ши сахьт даьлча цига дIайола, аса гойтур ду хьуна ча хелха йоккхуш, - аьлла, Алпатуца барт бира Iимрана.

Иза ша бохучух тешо, ша ма-аллара, делкъал тIаьхьа ши сахьат даьлча, ча йолчу вахара Iимран.

- Деллахьа кIант, хIунда лейо техьа ахьа со? - бохуш, Iимранна юххе а хIоьттина, йоьдура Алпату.

Iимран вогIу гича кхиссалуш ловза елира ча.

- Хьажахь, хьажахь! Хьо вогIу гуш цо лелориг! Ватта, елла яла со делаI, - бохуш цецъюьйлура Алпату.

Вела а къежаш, ча хьоьстуш, забарш йора Iимрана. Цо санна, забарш еш, корта лестабора чано а. Ткъа Iмранан цунах чIогIа сакъералора. Веалара а хIоьттина, кхиссалуш, кеп хIоттийра цо, чано хIун до хьажа. Изза дора Мишкас а.

Iимран, ши пхьарс хьала а айбина, зударех хелха ваьлча, ча а йолура иштта хелха. Цу шиммо лелочух сакъералуш, боьлуш, и чохь йолчу клеткина го а лаьцна, лаьттара нах.

Ша ма-баххара, ча хелха йохуш а, кхиссайолуьйтуш а, керчаш го бохуьйтуш а гайтира Iимрана цунна.

II

Хийла хан а елира Iимранан чаца гергарло тасаделлачул тIаьхьа. Аттракционан белхалошна а коьртах ваьллера Iимран.

ТIаьххьара а шен доттагIий юха цIа бирзича, цаьрца кхечухьа ваха дезаш хуьлура Iимран. Бакъду, Мишкица долу гергарло дицделла вацара иза. Акробаташ каде ловзуш а, Мишкас мотоциклет хохкуш а сакъералора цуьнан. Керла программа ю аьлла афишаш хьала а тоьхна гича, шен доттагIчо Мишкас хIун до хьажа кхин цкъа а вахара Iимран. Билеташ дIа а доьхкина, аттракционан болх дIаболо хан хилча, горгали а тоьхна, чугулбира хьовса баьхкина нах.

БIаьргаш йовлакхца дIадехкийтина а, руль карара дIахецна а, стака санна, горгачу пена тIехула хьийзаш го бохуш мотоциклет хихкира акробато.

ТIекхечира Мишкин рагI.

Iаьржачу атлазан хеча а юьйхина, баьццарчу бархатан доьхкарш а тийсина, схьа гучуелира ча. Массара а тIараш деттара. Мотофед схьа чу ялийра акробато.

ТIе ког таIош, лата а йина, Мишка цунна тIе а хаийна дIахийцира цо иза. Мишкас матофед хоьхкуш, чухула го туьйсуьйтура. Наха цунах тамаш беш тIараш деттара.

- Лалла? Лалла, Мишка. Хьай ахьа даа моз!.. - аьлла мохь туьйхира хьовсуш болчех цхьаммо... Наха шех тамаш бойла хууш санна, къайлаха гондахьа нахе бIаьрг тухура Мишкас.

Iимран а вара Мишкина ша гахьара аьлла хеташ гIопастина герга теIаш.

Масех го баьккхинчул тIаьхьа мотофеда тIера йоьссира ча.

- Мишка-а молодец! - мохь туьйхира Iимрана.

Цкъа, цхьана дийнахь, белхан хан чекхъяьлча садаIа гIалин ураме ваьллачу акробатах бIаьрг кхийтира Iимранан.

- Де дика хуьлда хьан - аьлла, маршалла хоттуш, вист хилира цуьнга Iимран.

- Диканца вехийла, сан доттагI. Вола тхо долчу, Мишкас сагатдо хьуна. Схьахетарехь, акхарой караIамалур долуш ву хьо. Шаьш дезаш верг ма веза царна а...

Боккъалла а суна сагатдеш хила там бу Мишкас. Кхин цкъа а ваха веза цига - аьлла, Мишкина яла цхьа ши камфета а хьош, вахара кIант.

Iимран гучуваьлча, хазахетта, бай корта а лестош, бер санна, эсала хьесталора ча.

 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) Alif (27 декабря 2012 21:58)
Добрая книга. Дала сий дойла хьан, Хожа-Ахьмад!
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2015 Нахская библиотека