...
Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Главная страница » Литература » Дашо мухIар
Дашо мухIар Берсанов Хожа-Ахьмад

 

Гоцин шовда

Тхан куьпахь вовшах кхтетий, даима ловзуш хуьлура бераш. Цхьацца дуьйцуш, наггахь къийсамаш хуьлура церан. Шай, шай бакъ хеташ, къийсам кIаргбелча «Гоцига хаттал делахь», - олура муьлххачех а цхьаммо.

Бакъ верг а, харц верг а къастош, Гоцис аьллачунна тIехь къийсам чекхболура. Бераш тешара цо аьллачух.

Цунах тамаш бойла а дацара. ХIунда аьлча, массарна а иза билгалваьллера бакълуьйш хиларца. Муьлхха а шегара цхьа гIалат даьлча шен бехкана къера хуьлура иза.

Цкъа, цхьана дийнахь, ловзуш дохкучу берашна тIе а веъна, уьш чехадора воккхачу стага ИбрахIима:

- Муьлхачо бохийра аша сан куьзганан бIаьрг?

- Аса бохийра, ца хууш буьрка а кхетта, - даре дира Гоцис.

- Ахьа бохийнехь хIумма а дац. Хьо-м хьарцхьара вацара.
Хьайна хууш дийр дац ахьа и санна дерг, - аьлла, оьгIазваханчуьра васта а велла, дIавахара воккха стаг.

Бераш, цец а девлла, лаьттара цо и бехк шена тIелацарх тамаш беш.

Куьзганан бIаьрг бераш ловзуш ца хууш буьрка а кхетта боьхнера. Гоцис даре ца динехь а бехк хьенан бу хуур долуш а дацара. Шен карах и ма-хилли, хьаьдда вахна, воккхах волчу вешига шен бала балхийра Гоцис.

- Шек а ма вала хьо, Гоци, иза-м аса хIокху сохьта вахна туькнара аьнгали а деъна, дIатухур бу. Вуьшта тIаккхахула ларлуш ловзалахь - аьлла, Гоцина синтем бира вашас.

Цу дийннахьехь, ша ма-аллара, воккхачу стеган корана куьзганан бIаьрг дIатуьйхира Гоцин вашас.

Гоцис бакъ-харц къастор озабезамашца дацара. Шен вешига а олура цо иза харц велахь харц ву, бакъ велахь бакъ ву. Цундела царна юккъехь дегабаам а я вас а ца хуьлура.

Хи чохь луьйчуш а, мIерий дугIуш а самукъа доккхура бераша.

Аьхка хи дохделлера. Цу тIе руьйта беъна бажа а лаьттара хи чохь. Муж санна, мела а, гIезаша бехдина мала дегаза а дара хи.

- ЭхI, ма хьагвелла со - аьлла, хи йисте дIахьаьдира кхуран IиндагIехь садоIуш Iачех цхьаъ.

- Ма малалахь и боьха хи. Аса шийла шовда малор ду хьуна - аьлла, сацийра иза Гоцис.

- Мичахь ду шовда?

- Суна карор ду.

КIант тIаьхьа а хIоттийна, хин йистошца волавелира Гоци.

Берзанчу когашца жагIи тIехула дIавоьдуш, коган айраш лаза дора. Цундела ког байбеш боккхура цо.

- ХIоккхузахь ду шовда, - аьлла, когаш кIела охьа а хьоьжуш, сецира Гоци.

Гоци ша леван гIерта моьттуш, вела а къежаш, Iадда лаьттара кIант.

- Мичахь ду шовда?

- Гоцис дагахь а доцург ма олу... - бохуш, тIегулделира бераш.

Гоци, кхин цара дуьйцург тергал а да деш, сихвелла куьйгашца жагIа а, гIум а дIай-схьай хьоькхуш, кIаг боккхуш воллура. ЖагIий, гIум хьалаяккха а кхиале, кIаг буззий, хи хIуттура.

- Цхьана эха сохьтехь собар дича, мала а мегаш хьаьар ду хи, - элира Гоцис.

Хи, Гоцис ма-баххара, дукха хан ялале хьаьира. Ша санна, шийла, седа санна а, хьаьъна дара иза. Iаббалц хи мелира бераша.

- Гоци, хьуна муха карийра шовда? - бохуш, хоьттура бераша.

- ТIаккхахула хаа дика ду шуна. Когаш а берзина хи йистехула дуьйладелла шаьш лелачу хенахь шан экъантIе баьккхича санна хеташ, шийлачу метте ког баьккхича совца. И меттиг леррина аша тергал йича, цигахь хьаьъначу хин карсолаш гур ду шуна. Бухара шовда схьадуьйлу меттиг и санна билгаш хир ю. Гой шуна, гIамарш а сийсош, и хьала кхуьйсу хи? - бохуш, дIагайтира Гоцис.

Цул тIаьхьа, урана гондахьа баккхий тIулгаш а бохкуш, и шовда тодира бераша. Гуьйранна диттийн гIа дужучу хенахь, шовданна кхо-йиъ гIулч хиллал юьстахо, берда тIе ножан синтар дуьйгIира Гоцис. И наж хIинца кхиъна. Аьхка шовданна тIехула IиндагIа латтадо цо. ГIалара а, юьртара а садаIа хи йисте мел оьхучу наха молуш ду и шовда. Цуьнца жижиг а кхехкадо, кхин болу кхача а кечбо.

ХIетахь дуьйна Гоцин шовда олу цунах.

 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) Alif (27 декабря 2012 21:58)
Добрая книга. Дала сий дойла хьан, Хожа-Ахьмад!
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2015 Нахская библиотека