Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

» Литература » Гиххойн Таймасха
Гиххойн Таймасха Яхъяев Леча

ДОШДОЛОР

Ламанан кийрара схьадаьлла, шийлачу маьхьарца охьанехьа сихделира Хи. Иза тIеIитталора ирачу тIулгашна, даккхийчу чхернашна, цуьнан некъ лоьцура пепнийн ханнаша, мокхазан бердаша, жагIанан баьрзнаша. Амма иза сацо ницкъ бацара. ТIулгаш шеца охьаидадора цо, чхерашна оьгIазе пе беттара, бух охкура, тулгIешца тIехула лелхара. Дечиг тIадайора. Мохой, малхой кхуьнан тешаме накъостий хуьлий, муръюлуьйтура иза.-ТIаккха хIара ларадора цуьнца. ЖагIанан баьрзнаш дашадой, дIадохура...

Уггар халанаш мокхазан бердаш дара. СадаIар доцуш, дийнахь а, буса а тийсалора царах Хи. Дош ца хуьлура. Духадолура. Ницкъаш а гулбой, юха а чухьодура. Бердийн ондачу некхах етталуш, дамардарц хуьлий аталора тулгIенаш. ТIаккха царна кхин Iемира: хьасталой, яьржий, мотт хьоькхуш, цIубдора бердаш. Шерашкахь, иттаннаш шерашкахь, бIешерашкахь... Эххар а, мокхазан бердийн йийсарера долий, дарделла цIоькъа лом санна, лахенга, йорт оьций, доьдура и.

Амма тIеттIа керла дуьхьалонаш хIуьттура цуьнан новкъахь. Къуьйсура цаьрца. Эшайора уьш. Мецачу барзах угIура цуьнан тулгIеш. Карзахъюьйлура. Кур беттара. Къар ца лора. Хьалхахьа дIагIертара.

Цхьана меттахь лаьттинчу хих уьшал хуьлу. ТIе хьеха тосу, мокха бос лоцу, пхьидийн бен хуьлий дIахIутту,

Болар - дахар ду... Цундела идайо Хино шен тулгIенаш, кIаддалар доцуш, кIордор доцуш, садаIар доцуш. Атта дац цунна. Амма цо шена кхин кхоллам лехац.

Iаьно бIаьсте, аьхкено гуьйре хуьйцуш, де буьйсанга лесташ, суьйре Iуьйренга йолуш, дIаоьху зама. Хин болар дац хедаш, лахлуш. Иза даима цхьабосса ду: некъ беш...

- Мича сихделла хьо? ХIун Iалашо ю ахь юьхьаралаьцнарг?

- Даха сихделла. Iалашо - дахар...

Доккха са доккхуш санна, белшаш дIасасаттайой, аренца даьржа Хи. Амма паргIат-м ца долу. Хьалхахьа бу бехха некъ. ХIорда тIе некъ...

 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) yahoogog (9 сентября 2008 19:13)
Атас smile Спасибо smile разослал ссылку по Аське!
2) Separratos (11 сентября 2008 16:19)
Спасибо!!!
3) Foxys (15 сентября 2008 22:10)
ого по главам так
4) vasya2008 (12 октября 2008 04:51)
зачет!
5) Addison8465 (2 января 2009 21:17)
Вот бы такого побольше появлялось. А то в офисе заняться нечем, замучались уже в потолок плевать.
6) Jerry8132 (3 января 2009 22:17)
[удалено]
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2015 Нахская библиотека