...
Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Главная страница » Литература » Дашо мухIар
Дашо мухIар Берсанов Хожа-Ахьмад
Дашо мухIар
 

ЦIерпоштан некъаца йолчу цхьана жимчу юьртахь вехаш ву воккха стаг Иван Степанович Колесников.

Граждански тIом чекхбаьллачул тIаьхьа, цIерноштан некъан говзанча а, стрелочник а, дежурни а, станцин начальник а волуш белхаш бина цо. Ткъа хIинца пенсехь ву Иван Степанович. Бакъду, пенсехь вара аьлла, мукъа Iаш вац иза. Цо кертахь беш кхиийна, зезагаш доьгIна, юкъараллин дахарехь жи­гара дакъа лоцу.

Цуьнан кIант Сергей, Саратов-гIалахь медицински институт чекх а яьккхина, лоьран болх беш ву. Йоккхах йолу йоI Лариса Ташкент-гIалахь инженерехь марехь ю. Цул жимах йолу Свет­лана Кустанайски областерчу Руднев-гIалaхь ехаш ю. Летчикехь марехь ю из а.

Аьхкенан заманчохь шешан бераш а далош, дай, наний долчу хьошалгIа богIу уьш. Ларисин шиъ йоI ю: Наташий, Mаpyсий. Светланин Павлик цIе йолуш ворхI шо кхаьчна кIант ву.

Иван Степановичан лулахой нохчий бу. Вовшашца хаза бертахь беха уьш.

Мерзуо кхача кечбича, Иван Степановиче дIакхойкху Аюба.

- Иван Степанович! Схьавола, жижиг-галнаш даа! Цхьа дика кхехкийна къуоначу уьстагIан жижиг ду.

Иван Степанович и гIиллакх хууш ву. Ша мел вуьзна хиларх, шега дIакхайкхича, Аюб волчу воьду иза.

Аюб борщ езаш вуйла хууш волчу Иван Степановича:

- Маша, дика елахь борщ. Аюб чу воьхур ву аса. Кхачий тIехь тасало вовшашца марзо, - олу шен зудчуьнга.

Иван Степанович, Аюб чохь, кертахь дан дезачу гIуллакхана вовшех дагаволуш хуьлу.

Кертара стоьмийн дитташ кходуш а, кемсийн сов долу генаш цоьстуш a гIо до Иван Степановича шен лулахочунна. Церан бераша а тесна вовшашца гергарло.

Павликна нохчийн маттахь дагардан а хаьа: «Цхьаъ, шиъ, кхой, диъ, пхиъ, ялх, ворх, барх, исс, итт...» - олий дагар до цо.

Наташиний, Mapyсиний а Iемина цхьа кIеззиг нохчийн мотт. Аюбан берашца Iамийна цара иза.

 - Султан, схьайола-а! - аьлла, кхайкхира Наташа Аюбан кIанте.

- «Схьайола» - ма ала. Схьайола йоIе олуш ду. «Схьавола» - ала, - бохуш, Iамайора Султана иза.

Цхьана дийнахь юьртарчу берашца Iома тIе лийча вахара Султан. Дуккха а адам дара Iома чохь луьйчуш.

Хи чохь дукха ваьллина, жимма шелвелла хьала а ваьлла, йистехь лаьттара Султан. Iома йистехула схьайогIучу Наташех бIаьрг кхийтира цуьнан. Иза кхоьлина, гIийла яйча шекваьлла Султан дуьхьала вахара цунна.

- Хьуна хIун хилла, Наташа? Хьо гIийла хIунда ю? - хаьттира цо, цхьаммо цунна вас йина моьттуш, оьгIаз а вахана.

- Мамин пIелгах юллу дашо чIуг хи чу йоьжна, яйна.

- Муьлхачу меттехь?

- ДIога йисттехь лаьтта мотоцикл гой хьуна?

ДIахьаьжначу Султанна Iомана дехьа агIор йистехь лаьтташ мотоцикл гира.

- Го те. ТIаккха?

- Цуьнга нисса сехьа хи чохь йоллург Маруса ю. Циггахь чу йоьжна мамин чIуг, пIелга тIера схьа а яьлла.

- Лариса стенга яхна?

- ДIога туристийн палаткашка яхна, цаьрца «водолаз» вуйла хьажа.

- Аса лохур ю и чIуг. Иза-м схьакарор ю, Наташа, шек а ма яла хьо, - аьлла, Iам хадош неканца дехьа йисте вахара Султан.

Наташига и чIуг чу йоньжна меттиг схьа а йийцийтина, хи буха а лечкъаш, чIуг леха волавелира иза.

Султан хьулвеш кIорга дара цигахь хи. Шозза-кхузза хи тIехь хьала а кхоссалой, буха воьдура иза. Са кхачадаллалц бухахула куьйгаш хьоькхуш лоьхура цо чIуг.

Иштта иза воллуш схьакхечира Лариса, юххе ваьлла цхьа верстина стаг а волуш.

- Султан, хьо а кхиъна орцах? Хьуна иза ца карадахь оцу мухIарх догдилла бен ца деза - элира Ларисас, Султан тIахъ-аьлла хиларна, цунах бIо булуш.

- Бухахь берг сацкъар бу, бетон санна шера а, чIогIа а. ТIе гIум а тесна, чIуг къайла йолийла дац, карор ю, - элира Султана.

- Мичара, карор яц чIуг. Хе генна дIа чу ехьна хир ю - бохуш, цигаьрка а уьйзуш, парргIат хи йистехь лаьттара Ларисица схьавеана стаг. Турбазин начальник хиллера иза.

- ХIун лоьху аша? - аьлла, схьа тIе веара мотоциклаца волу оьрси а.

Хилларг хIун ду хиъча, чIуг лаха хи чу велира иза а.

ЧIуг лоьхуш бехка баьхкира уьш оцу хи чохь.

Мотоциклист, чIуг карориг хиларх дог а диллина, дIавахара.

- Аса боху ца хеза шуна, карор яц чIуг. Эрна къа ма хьега, - аьлла, дIавахара турбазин начальник а.

Султан чIуг лоьхучуьра юкъах вала лууш вацара. Шелвелла, балдаш сенделлера цуьнан. Хи бухахь ваьллина, бIаьргаш цIийделлера.

Хи чохь яьллина шел а елла, шен нанна тIе яхна лаьттара Наташа. Балдаш сенделла, чIениг а етташ, гарренехь эгайора иза. Лариса, шен шелъелла йоI а, яйна чIуг а дагахь йоллуш, довдоьхна лаьттара. И чIуг шен хилча а кхин дIа лоьхур йоцуш, шелвеллашехь, Султан доггах воллура и лоьхуш.

Хи чу а лечкъина, бухахула куьйгаш хьоькхуш воллучу цуьнан, доьхначу шишанан гераго куьг хадийра. Султанан куьйгах цIий оьхуш гича йоьхна хьаьвзира Наташа а, цуьнан йиша а, нана а.

- Куьг хадий-кх хьан, Султан!

- Стен хади хьан иза?

- Аьнгалино.

- Схьа йисте вала, аса дIадоьхкур ду хьан куьг; йитал и чIуг а. И бахьана долуш хьо шелвалийта ца лаьа суна, - аьлла, шен тIоьрмиг чуьрчу йовлакхах йист а яьккхина, Султанан куьг дIадихкира Ларисас.

ЦIий оцу минотехь йовлакхах чекх а даьлла, тIадамаш оьгура.

Султан, Ларисас шен терго ярна, воккхавера. Цо юха чу ма вала, шелвелла хьо, цу тIе куьг а хадийна боххушехь, юха а хи буха лечкъира Султан.

ЧIуг схьа карориг хиларх дог а диллина, дIа яха тохаелира Лариса.

- Султан, хьалавала. ЧIуг яйнера бохуш, хьо хIаллакван ца лаьа суна, - элира цо.

Чехкка йисте хьала а ваьлла:

- Да висарг яI, коьртах юллу маска хиллехьара, схьа карор яра - аьлла, шен хIумнаш тIе юха Iома йистехула дIавара Султан.

- ЦIахь цхьангге а ма хаийталаш аса и чIуг яйанийла. Шийтта туьма мах болуш яра иза. Дас-м хIумма а эр дацара, мама цIармата стаг ю. Цуьнга лалур дац аса чIуг яйанийла хиъчи, - бохуш, берашка кхуьйлура Ларисас.

ШозлагIчу дийнахь а чIуг лийхира Ларисин дас а, йишас а массо а бахана. ЧIуг ца карийра.

Ларисин отпуск чекхъелира.

ЧIуг ца карош, цунах дог а диллина, новкъа бевлира уьш...

ХIора Iуьйранна дIавоьдий, тIап олий вовш, сарахь сен а лой, хорша еъча санна, чIениг а етташ, цIа оьху кIант коьртах-ваьккхина дов дора нанас:

- Ватта-а, елла яла со делаI, хи чохь ваьллина-кх хьо?!..

- Луьйчуш вара со, - аьлла, ша дашо мухIар лехар ца хоуьйтуш, Iадда Iийра Султан.

- Ой, мегар ма вац хьо иштта дукха хи чохь ваьллича. Кхин ма гIолахь цу хи йисте! - бохуш, бехкамаш бора нанас.

Амма Султанна диц ца лора дайна мухIар а, цунах Ларисина гIеххьа вас хилар а.

Хи буха воьдуш юллу маска йолуш стаг лехира Султана.

Маска карийра цунна.

ХIинца хи чу лечкъича, бухара латта а гуш, дика лахалора чIуг.

Жимма тIе сацкъаран тача а тесна Iуьллуш карийра Сул­танна дашо чIуг. Цунах боккха кхаъ хилла Иван Степанович волчу вахара иза.

- Иван Степанович, суна Ларисин яйна чIуг схьакарий. ХIинца хIара цунах дIа муха тухур ю дийцахьа суна.

ЧIогIа хазахийтира воккхачу стагана, Султанехь оццул боккха тешам карийча.

- ЭхI, ма боккха кхаъ баьккхи ахь соьга! ХIара дIа тоха-м хала дацара... - аьлла, дIаийцира воккхачу стага дашо мухIар.

Цул тIаьхьа дукха хан ялале Султане кехат кхечира:

«...Хьоме Султан, ма чIогIа къинхьегам баьккхина хилла аса хьуна и чIуг бахьана долуш. Бехк ма биллалахь суна, и мухIар а дайина, хьайна къинхьегам баккхарна. Сан и мухIар схьалехарна а, иза схьакарорна а баркалла хьуна. Аса цхьа ди­ка ца деш вуьтур вац хьо...

Лариса».

Хазахеташ, синтем хилла, доккха садаьккхира Султана. Кехат стоьла тIе охьа а диллина, ловза вахара иза. Цигга чуеъначу йишас шешан нанна хезаш дийшира и кехат. Нана цецъелира:

- Ватта, еллаяла со делаI, и мухIар лоьхуш ваьллина хилла-кх иза хи чохь!

 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) Alif (27 декабря 2012 21:58)
Добрая книга. Дала сий дойла хьан, Хожа-Ахьмад!
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2015 Нахская библиотека