Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

» Литература » Гиххойн Таймасха
Гиххойн Таймасха Яхъяев Леча
АВТОРЕРА
 Иттех шо хьалха язъян йолийнера ас хIара роман. ХIетахь кIезиг хIума дара хIокху романан турпалхочух Таймасхех а, иза яьхначу заманах а лаьцна хууш. Цу тайпана хьуьнаре, сийлахь адамаш хилла нохчийн къомах схьадевлла бохург башха къобалдеш а дацара Iедалан гонашкахь, ша аьлча, идеологин гIаролехь лаьттачара. Коьртачу декъана сайн юьртахошкара, гиххошкара, хезнарг дара соьга романан юьхь йолаяйтинарг. Цул тIаьхьа Таймасхех лаьцна цхьацца хаамаш гучубийла буьйлабелира зорбанехь а, яздархошна юкъахь а. ТIаьххьар а, Таймасхин лар лоьхуш, гуьржийн архивашка кхечира со...

Нийса хир дацара, сайна мел хиънарг дерриге а ас романан гура чу лаьцна аьлча. Иштта Iалашо ас сайна хьалха хIотта а ца йинера. Нохчийн литературехь дуьххьара оцу башхачу йоьIан исбаьхьаллин сурт хIоттош, сайн корматалле а, тароне а хьаьжжина, хьалхара гIулч яккхар - и дара сан карахь къолам лелийнарг. Муха нисделла иза - цуьнан мах аш хадор бу, ешархой. Шун кхиэле дIало ас роман.

Таханлерчу дийнан гу тIера чу хьаьжча, цхьадолу хIумнаш кхечу кепара го суна. ХIинца роман язъеш елхьара, цхьайолу меттигаш юкъа а гIур яцара, керланаш тIе а кхетар яра. Цунна тIехь болу болх чекхбаьккхина лоруш а вац со. Дуккха а долчу хIуманна тIехь суна бIаьргаш схьабиллира хIокху книгин редактора. Цунна баркалла ала а луур дара суна. Дош дерзош, цхьа цехар хир дара сан шуьга, ешархой. Язде сан цIарах романах лаьцна шайна хетарг. Шун хьехарша, магораша, хаамаша гIо дийр цу суна романан тIеюьзна, шорйина шолгIа издани кечъеш...
 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) yahoogog (9 сентября 2008 19:13)
Атас smile Спасибо smile разослал ссылку по Аське!
2) Separratos (11 сентября 2008 16:19)
Спасибо!!!
3) Foxys (15 сентября 2008 22:10)
ого по главам так
4) vasya2008 (12 октября 2008 04:51)
зачет!
5) Addison8465 (2 января 2009 21:17)
Вот бы такого побольше появлялось. А то в офисе заняться нечем, замучались уже в потолок плевать.
6) Jerry8132 (3 января 2009 22:17)
[удалено]
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2015 Нахская библиотека