...
Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Главная страница » Язык » Нохчийн мотт 10-11 классашна
Нохчийн мотт 10-11 классашна Джамалханов З.Д., Чинхоева Т.Н.
ХЬЕХАРХОЧУННА ГIОЬННА

1. Мотт ойлаяран а, кхетаман а, хьекъалан, дахаран а уггаре а йоккха хазна ю, хIунда аьлча адамийн дахарехь а, юкъараллехь а буьйцучу матто дакъа ца лоцуш цхьа хIума а дац. Мотт адамийн уьйран а, кхиаран а, къийсаман а гIирс бу. ХIуманан нийса тидам бан хааре хьаьжжина, цуьнан ойла ян хаа тарло, нийса, кхетаме ойла ян хааре хьаьж-жина, хIуманах кхета йиш хир ю, ткъа хIуманах вай кхетаре хьаьжжина бен,оцу хIуманан хьекъал хир дац.
Х–ХI-чуй классийн дешархошна, церан хене а, цара Iамийнчуьнга а диллича, лахарчу классийн дешархошначул мелла а алсам ойла ян хуур ду. Цу классашкахь дешархой алсам тидам бан а, ойла ян а, кхета а Iамо беза, церан къамел кхио а, хаарш лакхадаха а деза. Занятешкахь Iамочу материалан хIун бахьана ду, и иштта хIунда ду, шу цунах муха кхета боху хаттарш къастор пайдехьа хир ду.
Х–ХI-чуй шина классах хIора классехь а нохчийн маттана лерина 34 сахьт ду. Цу шина классехь дешархой Iамо беза V–IX-чуй классашкахь Iамийнчун буха тIехь нохчийн меттан нийсаяздаран бакъонаш йовза а, караерзо а, царах нийса пайдаэца а. Х-чу классехь орфографин, пунктуацин бакъонаш Iамор ю.
Нагахь санна Х-чу классехь орфографин бакъонаш Iамоза йисинехь, уьш а, пунктуацин бакъонаш а ХI-чу классехь Iамо езар ю, царах, ца хилча йиш йоцу, коьртанаш Iамийна а.
2. Меттан занятешкахь сахьташ алсам долчу классашкахь изложени я сочинени классехь язъян аьтто хилахь, ткъа Х–ХI-чуй классашкахь дозуш долу къамел кхиоран йозанан белхаш классехь бан йишъерг классехь, урокехь ца кхиалун болх цIахь кхочушбайта мегар ду. Ткъа цу классашкахь Iамош йолу меттан материал дика тидам а, ойла а ярца, кIорггера кхета гIортарца кхоллараллин некъашца хьеха а, Iамо а езар ю. Кхоллараллин некъаца дозуш долу къамел кхио гIо деш долу шардар классехь кхочуш дан таро хир ю. Бинчу тидамех я дахарехь адамашна зеделлачух, я шайн хаарех пайдаэцарца, я Iамийнчу
произведенех лаьцна дика хIоттийнчу планан гIоьнца цIахь тайп-тайпанчу теманашна сочинени язъяйта мегар ду, кIезигчу сахьташкахь Iамочу материална урокехь новкъарло ца хуьлуьйтуш. Иштта и бахьанаш а долуш, сахьташ тоьуш цахиларна, дозуш долу къамел кхиорна цу некъах пайдаэцар магош, цу гIуллакхна шакъастийна сахьташ билгал ца даьхна. Вукху массо а классашкахь, сахьташ алсам долчу V–IX-чуй классашкахь дешархойн къамел кхиоран балхана шакъастийна сахьташ лела: V классана 18 сахьт,
VI классана 20 сахьт, VII классана 10 сахьт, VIII классана 10 сахьт, IХ классана 8 сахьт.
Iамийнчу произведенийн теманашна сочиненеш язъяр литературан мехала декхар ду. Цул сов, сочиненешна герг-гарчу хьесапехь кху кепара теманаш харжа мегар ду: «Къинхьегаман хIайттархойн сийлахь гIуллакхаш», «Хьуьнаре дешархо», «Ненан мотт суна хIунда беза», «Ненан сий а, цуьнан къинхетам а сийлахь хIунда лору», «Зеделларг долчу дикачу хьехархочун дахар», «Адин Сурхо – халкъан турпалхо», «Фольклорехь халкъийн доттагIалла», иштта дIа кхин а.
Дешнийн а, предложенийн а этимологически а, морфологически а, лексически а, синтаксически а, стилистиче-ски а, орфографически а, пунктуационни а талларш урокехь юкъадалор, Iамочу материална новкъарло ца хин йолчу барамехь уьш кхочушдар хила деза. Иштта къамел кхи-оран шардарех пайдаэцар а хила деза. Ткъа литературни произведенех лаьцна сочиненеш язъярца хаарш далар литературан декхар ду.
3. Х–ХI-чуй классашкахь ненан мотт хьехар, Iамор цхьа шатайпанара башхалла йолуш ду. И бахьанаш долуш, Х–ХI-чуй классийн нохчийн меттан программа V–IХ-чуй классийн программех чIогIа къаьсташ ю.
V-чу классана программо ло 104 сахьт, VI-чу классехь 105 сахьт деллера, VII-чу классехь нохчийн мотт Iамо 105 сахьт, VIII-чу классана 105 деллера, ткъа и сахьташ 8-чу классана 68 сахьт бен ца дисна, IХ-чу классана а 68 сахьт делла.
Х–ХI-чуй классашна хIоттийна программа, теманаш билгал а яьхна, ца йитина, хьехархошна болх бан а, учебникан авторшна цу классийн учебник язъян а атта хилийта, некъ лохуш, хIоттийна. Цу шина классан программи юкъа далош дерг юккъерчу школан курса юкъара лексикологин, фонетикан кIезигчу барамехь хаамийн а, коьртачу декъана оьшуш йолу орфографин, пунктуацин бакъонаш а ю. И бакъонаш хир ю, цамгаршна гIоле еш долу дика дарбанаш санна, дешархойн хааршкара ледарлонаш дIайохуш, меттан хаарш, морфологин, синтаксисан, пунктуацин хаарш лакхадаха аьтто беш йолу коьрта хазна – нийсаяздаран бакъонаш. И хазна дешархошна караерзой, церан хаарш лакхадахий, церан дозуш долу къамел кхиой гIо деш, дешархоша тидам бар, ойла яр, уьш кхетор алсамдаккхархьама, кхоллараллин некъашца, методикан суртхIотточу пайдечу агIонех хаарца пайдаоьцуш, болх бан оьшуш
йолу коьрта материал юкъаялор дара ца хилча ца торуш, оьшуш. И агIо юкъаяло а, кхочушъян а езаш хиларна, программехь магийна нийсаяздаран коьрта бакъонаш Iамор, караерзор, хаар лардан аьтто хилийта, дозуш долу къамел кхио гIо а, аьтто а беш йолу кхоллараллин шардарш классехь, иштта цIахь яздойтуш, ткъа сочинени дика хIоттийначу планаца цIахь язйойтуш, болх бар.
Ма-дарра аьлча, дешархойн дозуш долу къамел кхиор меттан а, литературан а хаарш карадерзорций, лакхадахарций цхьана бечу кечамца деш ду. Литературан произведенех лаьцна язъеш йолу сочинени меттан урокехь я цIахь язйойту, ткъа грамматикан тема йолу талламан болх меттан урокехь я, оьшуш хилахь, цIахь кхочушбойту.
4.Нохчийн меттан нийсаяздаран бакъонаш (орфографин, пунктуацин бакъонаш) Х–ХI-чуй классашкахь мало йоцуш, дика тидам беш а, кхетамца ойла еш а, кIорггера церан маьIнаш дохуш а Iамо еза. ТIаккха уьш дешархошна пайде хир ю. Кху учебникан коьрта Iалашонаш иштта ю: 1) морфологин, синтаксисан грамматически билгалонийн, нохчийн орфографин, пунктуацин башхаллийн буха тIехь вайн меттан нийсаяздаран бакъонаш Iамор, шаръяр, чIагIъяр; 2) ницкъкхочучу кепара дешархойн лексика а, царна
меттан дешнаш довзар, хаар а шордар; 3) нохчийн литературни меттан норманаш талхор, галъяхар ца хилийта, лексико-грамматически а, орфографически а, орфоэпически а бакъонаш ларъяр, вуьшта аьлча, дешнаш, церан маьIнашка хьаьжжина, нийса далор а, барта къамелехь меттан дешнаш нийса дIаалар а, йозанехь и дешнаш нийса дIаяздар а лардар.
Учебника тIехь елла орфографин а, пунктуацин а бакъонаш а, цу юкъа балийна лексикан, орфоэпин, грамматикан, стилистикан боцца хаамаш леррина дагахь Iамо ца белла, уьш дешархошка караберзабайта а, шаьш кхочушбечу балха тIехь церан аьтто хилийта а белла. Царах дукхахболу хаамаш юккъерчу ишколан программин курсах карлабохуш а, шорбеш а, церан жамI деш а хир бу. Боккхачу
тидамца а, лерамца а дешархоша болх бахь, цу тIехь царна алсам гIо хир ду.
Хьехархочо, шен классан кечаме хьаьжжина, пайдаэца тарло учебникан материалах. Шен хаарш кIаргдан луучу дешархочунна оьшург а карор ду кху тIехь. Iамо еллачу материалийн дакъош къестош билгалдахаро а уьш атта а, дика а Iамо дешархойн аьтто бийр бу.
 
Авторш.
Источник:
http://chechnyatoday.com
Скачать:
nohchi_mot_10-11.pdf [1 Mb]
 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2015 Нахская библиотека