...
Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

» Культура » «Жоп луш долу доIанаш нийса довзаран хаамаш»
«Жоп луш долу доIанаш нийса довзаран хаамаш» Имам СуйýтIú
Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!

Хастам бу АллахIана, вай кхолла а кхоьллина, Ша бохучух кхетийта вайна кхетам а белла, Ша везийта вайна дегнаш а делла, Шега доIа дайта вайна мотт а, ши куьг а, цIена лаам а белла, тIаккха - "Соьга деха, Ас жоп лур ду шуна"[1] - аьлла волчу. Делера уггар дика хастор а, уггар кхачаме къинхетам а, уггар дукха маршаллаш а хуьлда вайн Пайхамарна, «Бакъдолуш, АллахI оьгIаз воьду Шега деха ца дехча»[2] - аьлла, вайна Сийлахь Лекхачу АллахIан лаам схьабовзийтина волчу.

Цул тIаьхьа:

Цхьа а вац вайх Лекха хинволчу Деле дан дехар доцуш, Цуьнга дан доIа доцуш, Цуьнгара деха хьашт доцуш, халонехь Цуьнга кхайкха луур доцуш. ХIора а ву вай доIина жоп луш волчу АллахIе доIа даран марзо эца лууш, Цуьнга доьхуш бIаьргах доьвллачу хин-тIадамийн Iаткъам бовза лууш, Iуьйранна доIа дича дисинчу денна хуьлуш болу ницкъ бовза лууш, суьйранна доIа дича буьйсанна хуьлуш болу синтем шеца даим хилийта лууш. И ша-дерг кхочуш дан хала дац. И дерриг хIума цхьа кIеззиг йолчу Iамалца хIора стагна а хила йиш йолуш ду. И Iамал – доIа дар ю. ДоIа дар – хьаставелла Деле верзар ду, стага шен гIийлалла Делан нуьцкъалле кховдор ду, массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш волчуьнга шен луъург дехар ду, шена орца эшча билггалчу тешарца Цуьнга кхайкхар ду, шена тIе хало хIоьттича санна паргIатчу хенахь а Деле ши куьг хьалаайдар ду, ша сужуде ваханчу меттехь, шен дог Цуьнан Воккхаллийна хьалха кIад деллачу меттехь, Иза везар чIагIделлачу меттехь, дагчохь дерг дешнашца схьа алалур доцучу хьоле кхаьчча, хьан бIаьргех – хIай Делан лай – хи далар ду иза. Цул доккха Iибадат хир дуй-те аьлла хIума ду иза, халонаша а, баланаша а, сингаттамаша а дуьзна долчу хIокху дуьненахь адамана цул чIогIу оьшуш хIума дан а дуй-те аьлла шена тIехь ойла йан мегар долуш хIума ду иза. Iибадатан тIум ю иза. И ца дича Дела оьгIаз воьду хIума ду иза. Цундела дукха чIогIа тидаме лаьцна хилла ду доIа дар Iелам-наха. Цара иза чIогIа лерина хиларан билгалонех цхьа билгало ю, хIинца хьан керахь долу хIара жима жайна, Имам СуйэтIъс – Дала къинхетам бойла цунах – яздина долу. Жима делахь а, Делах тешар алсамдаккхар а, Деле доIа муха, муьлхачу меттехь, маца дича гIолий ду хаар а, Iилманан дуккха а пайданаш довзар а шена чохь гулдина жайна ду хIара. Иштта сайна хIара карийча, кхуьнах болу пайда алсам хилийта гочдира ас хIара, хIокхул хьалха - «Къуръан тIера а, Суннатера а доIанаш» - аьлла цIе йолу жайна санна.

ХIокху жайни тIехь ас бина болу болх иштта бу:

· Имам СуйэтIийн – Дала къинхетам бойла цунах – дахарх лаьцна яздира цхьа кIеззиг.

· Жайна а гочдира ас, хьадисаш Имама далийначу жайнашца тоам а бина Iад а дуьтуш, маьIна дан дезачуьнан жимма алсам маьIна а деш, хьадисаш юкъахь даьхкинчу доIанийн ма-дарра дIадешар вайн хIокху элпашца яз а деш, церан вайн маттахь маьIна а деш.

· АгIонийн лахахь долу дерриг билгалдахарш соьгара ду.

· Цу билгалдахаршкахь хьахош долу хьадисан Iилманан пайданаш ас схьаийцира Iаьрбийн маттара хIара жайна то а дина, кеч а дина, нис а дина арахецна волчу мутаIелимо динчу билгалдахарш тIера.

ТIаьххьара, ас Деле доьху хIара болх Цо Шен доьхьа бар, хIокхунах хIара яздинчу Имамана а, суна а къемат-дийнахь дика тешалла дар. Кхин а ас доьху Деле, Имам СуйэтIийна а, суна а, сан дена-нанна а, къаьсттина сан денанна а гечдар, Цо вайх массерах Шен къинхетам бар, бакъдолуш Иза Шен лайшха къинхетам беш ву-кх!

Делера салават а, салам а хуьлда Делан Элчанна Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а, къемат-де кхаччалц диканца цунна тIаьхьаваьзначунна а.


__________

[1] Сурат "ГIафир" 60 аят.

[2] ХIара хьадис дийцина Ибн МаджахI цIе йолчу Iелам-стага шен «Ас-Сунан» жайни тIехь; Имам Ахьмада а дийцина шен «Муснад» чохь.
Скачать:
suyuti.pdf [317.57 Kb] (cкачиваний: 0)
 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) лерам (25 апреля 2008 00:32)
ц1а жим леран йиш хьажахь кхитар ву хьо
2) исмун (26 мая 2008 15:45)
может не стоит париться тем кто не умеет читаь на родном. дела реза хуьлда и яздиначунна
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2015 Нахская библиотека