...
Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Главная страница » Народ » Вайн амалш (сиркхонаш, къинош, лазамаш)
Вайн амалш (сиркхонаш, къинош, лазамаш) Айдамиров Абузар

Нохчийн къоман

ХХ I -чу б I ешарахь

т I ейог I учу т I аъхъенна

1

Стаг цомгаш хилча, цкъа хьалха цуьнан цамгар а къастайой, оцу цамгаран бахьанаш а карадой, тIаккха цунна дарбанаш ле-ладо лоьраша.

ХIокху тIаьххьарчу шерашкахь нохчийн къомана тIехIиттинчу бохамаша дуккха а ойланаш йойту нахе. Оцу бо-хамийн хьостанаш, бахьанаш, бехкенаш лоьху. Бехке до оьрсийн паччахьийн, коммунистийн а Iедалш. ХIаъ, хIокху тIаьххьарчу кхаа бIе шарахь нохчийн къомана хиллачу бохамашна бехке ду иза а, важа а. Амма цаьрга и бохамаш шена байта шегара дук-кха а бахьанаш, гIалаташ дийлийтина нохчийн къомо, оцу боха-мех лардала хьекъал, кхетам а цатоарна.

Керлачу бохамех, шен гIалатех нохчийн къам лардалийта Iалашо йолуш язйи ас сайн исторически произведенеш: «Еха буьйсанаш«, «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», «Кхолламан цхьаде», «Калугера йийсар», «Хронология истории Чечено-Ингушетии», газеташна тIехь зорба тоьхна цхьамогIа публицистически статьяш — «Къоман яхь» / «Ленинан некъ», 6 сентябръ 1989 шо, №107/, «Люди, судъбы, нравы» /«Грозненский рабочий»,10 де-кабря 1989г., №283/, «Халкъан доъналлин хъоста»/ «Ленинан некъ», 11 апрелъ 1990 шо, № 44/, «Связъ времен»/ «Комсомолъ-ское племя», 26 июля, 2, 9 августа 1990 г. №30,31,32/, «Сихал-ла — бохаман накъост»/ «Даймохк», 26 февралъ 1992 шо, №39/, «Мехк-Кхиэл»/ «Даймохк», 24 апрелъ 1992 шо, №81, «Разум. должен восторжествоватъ»/ «Голос Чеченской Республики», 31 декабря 1992 г., № 233, 12,13,15 января 1993 г., №1, 2, 3/, «Со дуъхъал ву нохчий тайпанашка бекъарна» /«Даймохк», 16 октябръ 1993 шо, №70/, «Я вижу очищение людей толъко в религии» /«Зори ислама», май 1994 г. №2/ и. дӀ. кх. а.

Олуш ду: «ДIадаханарг ца хиъча, таханлерниг а, кхана-лерниг а кхолла, диканиг лардан, гIалатех лардала ца хаьа адамашна». Вайна вешан къоман истори кIорггера ца хаьа, ве-шан къоман дуккха а дика, оьзда гIиллакхаш дицдина вай, ваьш мосазза а дийлийтина гIалаташ юха-юха а дуьйлуьйту вай. ХIокху тIаьххьарчу масех бIе шарахь нохчийн къоман барт хила ца буьтуш, цунна керла-керла бохамаш бохьуш цхьа вон, зуламе амалш ю вайн. Оцу амалийн бахьанаш дохКу вайн къам мелла а кхечу къаьмнел кхетамна тIаьхьадисина хиларх. Ас ишта аьлча, ма-моьттийла, вайн къам хьекъал доцуш, сонта ду, боху. Нохчийн къам хьекъале хиларан тоьшалла ду цунах дуьненна а бевзаш Iилманчаш, политикаш, пачхьалкхан, тIеман, культуран деятельш бовлар.

Хьекъална а, кхетамва а юккъехь йоккха башхалла ю. КIорггера хьекъал а долуш, амма кхетам лахара болуш нах нис-ло, оцу шайн хьекъалх пайда а оьцуш, уьш Iилманан некъашца дуьне а, дахар а довза цагIортарна. Масала, стаг мел хьекъале хиларх цунна бусалба динан кIоргенаш евзар яц, нагахь цо Iаьрбийн йоза-дешар, мотт а Iамийна, тIаккха КъорIан, жайнаш а ца дешча. Лор, инженер, архитектор, политикан, пачхьалкхан, тIеман деятель хир вац стагах, нагахь цо оцу а, кхечу а говзал-лин Iилма ца Iамийча.

Вайн къам кхетамна тIаьхьадисаран цхьадолу бахьанаш цу-нах шех дозуш ца кхолладелла. Уьш кхоьллина паччахьан Iедало а, советски-коммунистически Iедалан харцонаша а, иза кхойтта ша-рахь махках даьккхина лелоро а. Уьш дерриг а дийца гIиртина со лакхахь ас йийцинчу сайн исторически произведенешкахь а, публицистически статьяшкахь а.

Амма вешан бохамашна бахьанаш вай ваьшша кхуллу, цхьа-болу бохамаш вайн вешан бехкенна а хуьлу. Я нийсса аьлча, ваьшна и бохамаш хилийта вай дуккха а бахьанаш леладо, гIалаташ дуьйлуьйту. Шена кхетта цамгар нахана хиъча эхь ду моьттуш, иза къайлаяккха гIерташ, лоьрашна тIе ца воьдуш, дар-банаш ца лелош кIелбуьсуш а, леш а нах хуьлу. Амма, стаг шен цамгар мел лечкъо гIертарх а, нахана хаьа, иза цомгаш вуйла. Ишттачу цомгашчу стагах тера ду нохчийн къам а. Вайна ца лаьа вешан сакхташ, гIалаташ, къинош дийца, царах дIакъаста, цIандала гIорта.

Даима вешан шеконе майралла а, оьздангалла а, доьналла а. дуьйцуш, амма вешан сакхташ, сиркхонаш, къинош а, гIалаташ а дIалечкъош, царех цIандала а ца гIерташ Iийча вай имане догIур дац, вайн къоман барт хир бац, вайн махкахь иман-беркат а хир дац, кхечу къаьмнашна хьалха вайн сий а хир дац.

Шен гIалаташ дийца хала ду, амма ца дийцича ца довлу. Царех лаьцна хир ду хIара къамел. Хьалххе ала лаьа, хIокху къамелехь со нийса воцуш, гIалат вуьйлуш меттигаш а хир ю* Амма шеко йоцуш цхьаннах тешалаш: хIокху къамелан хIора дош вайн къоме болчу сан даггара цIеначу безамо а, цунах дог; лазаро а кхоьллина хиларх.

Скачать:
vayn_amalsh.pdf [790.89 Kb]
 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) Вайнах (9 декабря 2007 02:13)
grozny Сун бехк ма билл, но из за ощибок читать не возможно!
2) shilmalh (10 декабря 2007 03:14)
вай хьайн мотт ишт дик хуаш х1илч нохчи маттахь базо мегардацар 1ахь хьай тедмаш?
3) grozny (10 декабря 2007 19:19)
Цитата: Вайнах
grozny Сун бехк ма билл, но из за ощибок читать не возможно!

Бехке хIум дац, ты прав. Мы поспешили с публикацией

Цитата: shilmalh
вай хьайн мотт ишт дик хуаш х1илч нохчи маттахь базо мегардацар 1ахь хьай тедмаш?

вай массара ненан мотт бийцахьара шеко йоцуш гIоле-м хир дар, делахь вайна ма-хаара оьрсийн маттахь цхьа 2-3 дош юкъацатухуш цхьаммо ца до къамел, мел дика нохчийн мотт иза хууш велахь а. Цундел гIазкхийн маттахь тидам барх галдолуш хIума дац аьлла хета суна

ларамца
4) Ламберд (19 февраля 2008 13:36)
Иза мотт ца хаар проблема яц, иза ду вайн вейш бийцар, иза ларар, меттан г1иллакх (культура языка) ца хилар! Францехь церан Министерсво Культуры кхечу Пачхьалкхан Институташ ч1ог1а ларбо шайн мотт урратул Микки Моус шайн матте доккха цара шайн, мотт ларбеш кхечу къоман матте 1аткъамаш ца бойтуш (влияние внешней среды контролируют)! у нас говоря языком простонародья "круто балакать на других языках" даже в ущерб собственному! вайн ц1ахь хийла наха олуш хеза " эх1, ма оьшуш бацар-кх х1ара нохчийн мотт, эццигар цхьа кхоъ-диъ дош могаш-парг1ат хатта хууш хиллачхьана тоьар дар иза-м"- бохуш! цундела вай г1иллакх, г1уллакх кхин йолу дахаран аспекташ гал йовлу х1унда аьлча вайн маттаца ду г1иллакх-г1уллакх бохуш долу х1ума! Иза хийцалур дац цхьаьна дийнахь, массара а оцу х1умнах кхета а кхетта, вайн хуьлуш йолу деградаци аьшнашйеш, вайн хьаькмашка кхайкхам беш къоман меттан статус хьалайбар вайн махкахь, кхин а цу кепар г1уллакх деш къома реакции хила еза! амма вайнаха шайн т1ехиндерг, шайн кхоллам оьрсашца бу аьлла шайн мотт кхин д1а а д1атасахь "шен луург хилхьара цунах" аьлла вайн кеста г1азакхех даьлла къам ду аьлла "хьаьшна" дойур ду вай ! Дала лар дойла вочу х1умнах нохчийн къам!

P.S. Казахстанехь цхьа накъост кхеттера суна новкъахь нохчи ву ша аьлла амма аса "хьо ц1ера стенгара ву аьлла" хаттар дича цхьа хала бале соьга нохчийн маттахь жуоп делира цо " кхузара ву-кх аьлла" ( то есть с Казахстана:)) хьо тайпана мила ву аьлча " суна-м ца хаа" элира! Ч1ог1а кхераме, инзаре х1ума ду иза (Далла лар дойла вай оцу тайпа акха довларх) !!!
Шен заман нах хирг бу-кх уьш!
5) zalina_lake (4 марта 2008 19:32)
Salam wink
6) Heerhugowaard (5 марта 2008 07:27)
Vaakeykum Asalamu Zalina_ lake! Муха ду цигахь г1уллакхаш? Дахалой шу?
7) Леча (20 марта 2008 13:48)
К сожалению чеченский язык становится лишь декоративным придатком к чеченцам и все меньше и меньше чеченцев которые знают и разговаривают на родном языке без чужеродных примесей! Невероятными темпами идет русификация и чеченцы теряют самобытность и элементы культуры и в качестве альтернативы берут все западное, декадентское! уже не редкость слышать подростковый говор с примесью русского мата в чеченском языке чего не было прежде! Если каждый чеченец не осознает и не поймет всю глубину нашего падения скоро от нас останется только Великое и Гордое некогда имя-Нохчо! Х1ай Веза Воккха Дела г1азакхийн 1азапех ларде ахь сан къам алий бен д1амадийша буьйсанна! Ламаз т1ехь вайн Парг1ато, Йозушйоцу Пачхьалкх х1отторан бахьанаш деха Аллах1е, вайн Иман Ислам деха къомана, т1аккха бен хирг бац юкъахь вайн барт!
8) xabun5487 (23 сентября 2008 00:00)
Классный сайт.
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2015 Нахская библиотека