...
Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Главная страница » Культура » Иманах а, комаьршаллех а дийцарш
Иманах а, комаьршаллех а дийцарш
САНЕХЬ МАХЛЕЛОР

САНЕХЬ МАХЛЕЛОР

ТIекхаьчна хилла Iийдан буьйса, аьлла зудчо шен цIийнадега: "Iийда ду кхана, хIай Абу IабдуллахI, ткъа хьан исраф бахьанехь, вайн берашна тIейоха керла бедар а яц, кхидолчу вайн лулахойн берийн санна".

Жоп делла майрачо: "Ас еш йолу харжаш дикачу гIуллакхашна а, мискачарна гIоьнна а еш ма ю, ткъа иза исраф ма дац, хIай Умма Iабдуллах.

Аьлла зудчо: "ДIаяздел кехат хьайн тешамечу доттагIашка, шайн долчух дакъа де тхуна, хьал тоделчахьана оха юхалур ду шуна, алий, Дала мукъалахь!"

Оцу стеган ши доттагI хилла тешаме: ХIашиммий, Асаматтий. Яздина цо кехат. ДIаделла и шен хьадалче, шен доттагIчуьнга ХIашиме дIакхачаде, аьлла.

Вахна кIант-хьадалча ХIашимгIаьрга, дIаделла кехат. Дешна ХIашима кехат, кхетта иза, шен доттагI хьашташа гатвина хиларх, дан амал доцуш. Аьлла ХIашима хьадалче: "Хаьа суна, цо шен долу ахча-хIума дикачу балхана, Делан дуьхьа дIахьажийний. ДIаэца, хIара тIоьрмиг дIало цуьнга, ала, дуй баа а, хIара дийнараш бен, кхин сан догдаха хIума ма дац тхан цIентIахь, кху Iийдан буьйсанна".

Вухавеъна хьадалча. Схьабаьстича, тIоьрмига чохь бIе дийнар карийна вукхунна. Хазахетта, зудчуьнга кхайкхина иза: "ХIай Умма IабдуллахI, хIара бIе дийнар даийтина-кх вайна Дала" - аьлла. Схьаеънчу зудчо, хазахетта, аьлла: "Сихха базара доьлху вай, вайн берашна керла бедарш а, мачаш а иэца".

Оцу юкъана бекна неIаран горгали. НеI дIайийллича, стагана гина, кехат а керахь, веана лаьтташ шен вукху доттагчун Асаматан хьадалча. Цу тIехь цо гIо доьхуш хилла, декхар токху хан тIекхаьчна шен, цу тIехь дакъа лацахьара, бохуш. ДIабелла стага, доттагIчо ХIашима баийтина тIоьрмиг хьадалче, дерриг ахча, хIумма а хьаданза, чохь а долуш.

ОьгIаз яхна зуда шен майрачунна, шен кIантал, доттагI сов лерина цо, аьлла. ТIккха аьлла майрачо: "Сан доттагI ма ву и, гIо доьхуш верг …тIаккха ас муха кхоор ду цунна, сайн долу дуьненан даьхни, хIай Умма IабдуллахI?"

ДIадаьлла цул тIаьхьа цхьа сахьт, юха а неI тоьхна цхьамма. НеI дIайийллича, шен доттагI ХIашим гина хIусамдена; хазахетта, чувалийна цо иза. Аьлла ХIашима: "Хьоьга хIокху тIоьрмигах дерг хатта веана со, ас хьан хьадалче хьуна баийтинарг буй хIара, чохь бIе дийнар а долуш?"

ТIоьрмиге а хьаьжна, цецваьллачу хIусамдас аьлла: "Хаъ…хIаъ…и бан а бу..Дийцахьа, хIай ХIашим, хIара хьоьга муха кхаьчна?"

Жоп делла ХIашима: "Хьан кехат а дахьаш, хьан хьадалча со волчу веъча, сайн чохь кхин хIума доццушехь, и тIоьрмиг цуьнга дIа а баийтина, вайшиннан доттагIчуьнга Асамате гIо деха вахийтира ас. ТIаккха цо боуьйту суна хIара, ас хьуна баийтинчу тIоьрмигах терраниг, дагардича дийнараш а уьззаш ду. Цо цецваьккхина, хьо волчу веъна-кх со, цунах дерг хаа".

Велавелла хIусамда, тIаккха аьлла: "Асамата хьо а лерина-кх, шен долчуьнца, хьуна ахчанан тIоьрмиг а баийтина, ахьа со ма ларрара, хьайн долчуьнца, хIай ХIашим".

Велакъежна ХIашим, тIаккха аьлла цо: "ХIаъан! Ахьа Асамат а ма-ларрара, хьайн долчуьнца, бохий ахьа. ХIай Абу IабдуллахI, хIара бIе дийнар, вай ваьшна юккхехь, кхаанна декъча, муха хетар дара хьуна?".

ХIусамда чIогIа реза хилла: "Дела реза хуьлда хьуна, хIай ХIашим!" - аьлла цо. ТIаккха шайн кхаа доьзална нийсса декъна цара и, тIедогIучу Iийда денна цхьа мадар ян, аьлла.

ДIахезна халийфана и хабар, омра дина цо, кхаа доттагIчунна хIоранна а цхьацца эзар дийнар ло, аьлла. Цу хенахь, шен керахь эзар дийнар а долуш, воккхавеш, зуда йолчу чуваьллачу майрачо аьлла: "ХIун хета хьуна, хIай Умма IабдуллахI, иэшам биний вайна АллахIа?"

Зудчо жоп делла: "ХIан-хIа, валлахI! Иэшам хуьлу, мелхо а рицкъа сов даьккхича?!"

ТIаккха аьлла майрачо: "Хиин хьуна хIинца, хIай зуда, бакъ а долуш, АллахIан новкъахь йина харж уггаре санехь махлелор дуй, цкъа а хьуна иэшам а хир боцуш!?"

 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2015 Нахская библиотека