...
Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Главная страница » Культура » Иманах а, комаьршаллех а дийцарш
Иманах а, комаьршаллех а дийцарш
ФИРАСУ А, ЭМКАЛ А, ЦУЬНАН КIОРНИ А

ФИРАСУ А, ЭМКАЛ А, ЦУЬНАН КIОРНИ А

Жима кIант Фирасу Iу вара, шайн доьзалан эмкалш яжош. ХIора Iуьйранна шайн эмкал а, цуьнан къорни а, дIайуьгий, дежийлашка дIахоьцура цо, уьш цигахь ежара баьццара буц а юуш, тогIийчуьрчу шовданаш чуьра а, гIунаш чуьра а хи а молуш, тIаккха суьйранна цIа а ялайора. Эмкал лаьттачу четара тIехьа а йолий, дукха хан ялале, йоккхачу пхьегIан чохь шура а яхьаш, юхаеанчу нанас шен кIанте олура: "Баркалла хьуна, хIай Фирасу…тахана дежийла диканиг хаьржина хилла ахь, юззалц баьццара буц йиина къорнино а, эмкало а, хила а хилла хьо боккъал дика Iу, хIай Фирасу".

Ткъа ша гIаш гена дIаваха мало ечу хенахь, ца юьгура Фирасус эмкалш гена тогIийчу, буц а, хи а долчу. Гена валале, цхьанхьа диттах эмкал дIа а йоьхкий, ша водий дIавоьдура, шен накъосташца ловза. Суьйранна цIаеъча, даим санна, четар тIехьа эмкал а узий, шура чохь пхьегIа а яхьаш, схьаеъначу цуьнан нанас, оьгIазе, довдора шен кIантана: "Фирасу, тахана ловзуш лелла-кх хьо, яжон ма-еззара эмкал а ца яжош…Ледара ву хьо, хIай Фирасу, таIзар дан догIу хьуна".

Саготта хуьлура Фирасу шена нанас довдича, чIогIа ойла йора, ша-шега хоьттура: "Муха хаьа техьа нанина даима а бакъдерг? ХIора дийнахь эмкал йолчу четар тIехьа йоьду и, тIаккха, цхьа кIеззига цигахь а Iай, схьайогIу, я суна баркалла бохуш, я резайоцуш, довдеш… Боккъул цхьа къайле-м ю кхузахь… Эмкал юкъахь йоцуш дац-кхи и… Цо дIадуьйцу-кх нане массо хIума а, хIора дийнахь ас динарг, лелийнарг… Амма!.. Боккъул эмкалан мотт хаьа техьа нанина? ХIара тамашийна хIума ду!"
Ца хаьара Фирасуна, муха сацор ю эмкалан бат…Амма бекхам муха бан беза-м цунна дика хаьара… Эмкалах цуьнан къорни къестон, дIалечкъон велира Фирасу… Сагатдора эмкало, йоьлхура и, хIума а ца юура…шен кIорнина сагатдеш.

Цхьана дийнахь хьаша веара кхаьрга, кхечу тайпанах волу, цунна лерам бан лиира Фирасун дена. Схьакхайкхира дас Фирасу, тIедиллира цунна, эмкалан кIорни схьа а ялае, хьешана юург ян, цунна урс а хьакха, аьлла. Сахьаьвзира Фирасун, вилхира и чIогIа, дийхира цо шен дега: "ХIан-хIа, дада, йитахьа жима къорни, суна дукха еза и, со Iалур вац, и йоцуш. Цул а цуьнан нана эмкал ехьа, цуьнан меттана… Цунна хьакха деза-кх урс, цо хIора дийнахь дIадуьйцу нане ас деш дерг, суна моттбетта цо, суна тIаьхьа а лелаш".

Хезна нанна шен кIентан къамел, маракъевлина цо кIант, цуьнан корта шен некха тIе а таIош: "ХIан-хIа, сан кIант, эмкало ца дуьйцу соьга хIумма а… Амма цуьнан шуьрера хаьа суна бакъдерг: ахьа эмкал дика яжийча, тогIийчохь дежийлаш керл-керла а, дика а долчохь, баьццара буц а йолчохь, царна луъучехь, - цо шура а ло вайна шорта; амма и ца деш, мало а йина, хьайн накъосташца ловзар коьрта а лерина, эмкал ахьа яжаза йитча, иза цIа а йогIу, къезга шура а яхьаш… ХIинца кхийтин хьо, сан кIант, муха хаьа суна, хIора дийнахь ахьа хIун леладо?!"

Велакъежна Фирасу, цо аьлла: "Ма ца кхеташ хилла со!.Со чIогIа дохковаьлла, хIинцалц схьа айса вайн эмкал вон лелийна, бехк боццушехь, и бехке йина а".

ТIаккха аьлла дас: "Ткъа хIинца… сихо йе, сан кIант, схьаялае эмкалан кIорни, цунна урс а хьаькхна, вайн хьешана шун хIоттор ду вай. Ткъа эмкало хьуна кхин жима къорни йир ю, цул хаза а йолуш, Дала мукъалахь".

Доглозура Фирасун, делахь а дIаелира цо эмкалан кIорни шен дега, хIунда аьлча цунна хаьара, хьаша-да ларар а декхар дуй, шен цIа а, тайпа а дика гайтар дуй, лулахошна хьалха корта айъина, юьхькIам а болуш лела йиш йолуш…

 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2015 Нахская библиотека