...
Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Главная страница » Культура » Иманах а, комаьршаллех а дийцарш
Иманах а, комаьршаллех а дийцарш
Дешхьалхе

БисмиллахIир-рохьманир-рохьийм!

Бераш! ХIара дийцарш оха гочдина Iаьрбийн маттера. Кху дийцаршкахь буьйцуш болу нах боккъалла а дахарехь хилла бу, цул совнаха, царех цхьаберш дерриге а дуьненна бевза. Масала, Абубакар Сиддикъ а, Iаффанан кIант Iусман а, ХаттIабан кIант Iумар а, Дела реза хуьлда царна, - уьш вайн Пайхамаран Мохьаммадан, Делера салам маршалла хуьлда цунна, хьалхара асхьабаш а, бусулбан нехан халийфаш а хилла бу. Иштта боккъул хилла ву - гIараваьлла волу вайн Пайхамара, Делера салам-маршалла хуьлда цунна, шех делан тур аьлла волу Халид бин Валид а, СаIид бин Iамир а, кхиберш а, шайн цIерашца кху жайни тIехь буьйцуш болу кхиболу нах а. Уьш а, церан дахар а вайна массарна а масал хилла лаьттар долуш ду, хIара дуьне мел лаьтта.

АллахI а, Цуьнан Элча волу Пайхамар Мохьаммад а, Делера салам маршалла хуьлда цунна, муха веза веза а, муха лара веза а, нахаца муха хила веза а, хьарам-хьанал муха къастон деза а, да-на, йиша-ваша, гергарло муха лара деза а - боккъул бусулба муха хила веза гойту кху дийцарша.

Кху тIехь буьйцучу дикачу нахах масал эца а, царах тера хила а Дала кхетам, хьекъал, доьналла а лойла шуна.

АлхьамдулиллахI! Хастам бер вай АллахIана - нийса некъ вайна беллачу! Амин!

Абу Дауд, гочдинарг

Страница 1 из 14 | Следующая страница
 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2015 Нахская библиотека