...
Zhaina - Нахская библиотека Добавить в ИзбранноеВ закладки Написать редакцииНаписать RSS лентаRSS
логин: пароль:
Регистрация! Забыли пароль?
Библиотека

Поиск
Опрос

Язык
История
Культура
Литература
Родина
Народ


Рассылка

Главная страница » Литература » Ойланийн некъаш
Ойланийн некъаш Эдильсултанов Лом Вахаевич
Авторах лаьцна дош

Ч1ог1а хьал долуш а, муьлха а х1ума кхетаме гайта к1орггера а бу нохчийн мотт. Билгалдаккха деза, и кхио а, шорбан а, к1аргбан а вайн 1илманчийн таронаш к1езга хилла. Х1етте а, вай Казахстанера ц1адирзинчул т1аьхьа исбаьхьаллин дешан говза нах - 1илманчаш бевлира вайна. Арадуьйлуш вайн маттахь газеташ, журналаш, книгаш - тайп - тайпана изданеш яра. Кху mlамo оцу дерригенах а хадий вай. Дуьненчохь цхьа а ницкъ бац халкъан дахар сацо.

Керла къуона т1екхуьуш поэташ, яздархой бу вайн, aммa вайна хаьа мел халчу хьолехъ уьш бу. Xlopa исторически муьро къомана хьалха шен заманан проблемаш xlummaйo. Неман муьрехь поэзехь говза дош ала хуучо шен къам гора xlommo дуьненчохь цхьа а ницкь боцийла хоуьйту. Хьалха баъллачу т1амах хьахипча, цунна тоьшаллина дало шортта масалш дара. Ламах баьлла цкъа а, цхьанна а дика болх бац , зулам доцург.

Кху книгин автор - Эдильеултанов Лом Вахаевич ша вина 1953 шарахь Казахстанехь, амма кхиъна ву Хьалха-Мартант1ехь. Цо кхиъамца чекхъяьккхина кху юьртара № 7 школа. Цул т1аьхьа цо чекхъяьккхина шиъ лакхара дешаран институт. Цо бина хъехархочунна mlepa д1a директории а кхин таш-таппана куьйгалхочун белхаш. Тахана а болх беш ву Мартан mlepa РЭСсехь а, №7 полу школехь а. И белхаш бина ца 1аш, шена кхин цхьа деза дукъ т1елаъцна Ломас. Поэзехь доггаха дош aлa некъ схьачаьцна а ву иза. И кхуиах кхетта «цамгар» кхетта ц1еран доьзалехь, суна хууш йо1а, к1ант а ду.

Т1еман мур хиларе meppa, авторна дагчу йижнарг т1еман къахь ю:

... Кху mlaмо ца вуьту
Доккха садаккха,
Яържина ойланаш
Гулъян шайн хорша.
Ца вуьту сапн махкахь
Ког маьрша баккха.
Бакъонаш яйина
Со воху марса!...

Дийцина ца валлалу, ваш къомо и т1ом бахьанехь лайна 1азап a, mle керл-керла дуьйлу зуламаш а.
Уьш ешча хетало, авторо т1екхуьучу т1аьхъене кхайкхам беш санна : ларлолаш т1амах бохуш. Неман питана долочу нахе деш санна хетало авторо xlapa къамел :

... Вита со заманца
Нисъеш г1улч яккха!
Г1айг1ано г1елвича
Д1атоттуш бала.
Вита со безамах
Воккхавеш ваха!
Езаре довха дот
Вита со aлa!...

Xlopa стаг а кхетар волуш оцу т1еман питано шен къиза, акха 1аткъам бина, нохчий бу аьлча, иэхъ а долуш, кегий нах бу, юьхьах а, йохьах а боъхна, буьйсанна неха чу а лелхаш, нахана зуламаш а лелош, вайн нохчийн к1ентийн сий дайъа г1ерташ. Ишттачарна лерина хетало кхутайпа дешнаш:

...Вонна араваьллачун
Б1аъргийн нур доила,
Вуьсийла дуьненан
Серло a гaнза!
Тешаме воцу к1ант
Хенаш лойла,
Тешнабехк буьсийла
Цхъанна а банза!...

Поэзехь дош аларехь лаккхарчу mleгlaнe кхийда автор:

... Ас сипи ойланех
Адам кхетор ду,
Хазчу дешнашца
Г1ала юттур ю.
Нагахь 1ожалло
Дахар хададахь,
Илли хилла уьш
Шуна декар ду!...

Нохчийн угара хаза г1иллакх ду - хьаша-да т1еэцар. Цунах лаьцна авторо яздо:

... Марша ва хьо, тхан Министр!
Хьо-м тхан веза хьаша вап,
Дуъхьал даккха туъха-сискал,
И-м ваш нехан г1иллакх дай!
Шуъйра тахна не1 д1аелла,
Xlommop ду вай доккха той...

Дуьненахь уггаре а езачарах ц1е ю Нана. И дош хъалха х1оттийча, доккха маъ1ана хуълу кху дешнех: Дег1аста, Даймохк. Кийра батталуш, шаьш кхиъначу, баьхначу махке сатуъйсуш хиллачу баккхийчу нахе Казахстанехъ ла ца дийг1инчунна, атта хуур Дац цу дешнийн маь1на. Шаьш вовшахкхетча шитта доладора цара къамел:

- И-ийт! Да вала хьан дeлa1!
Гур юй техьа хьо Нана Дег1аста!? Нана-Даймохк!? ...
И доьзалан нана хилла ца 1а. И Мехкан а нана ларало.
Ненах лаьцна иштта яздо авторо :

... Кечбехьа, сан Нана.
Ахь вайна марзонан кхача,
Хьайн деганн йовхонах
Мелла а 1аь тухуш mle.
Сатуьйсу сан даго
Даима хьан шуьне кхача,
Ца вузуш цунах бен
Д1адоьду масса а де!...

Дех, ненах лаьцна шайца алссам исбаьхьалла йолуш ду xlapa лахара дешнаш:

... Да я Нана, муьлха ду-те деза?
Муълха ду-те жайнахъ кьастийна?
Дагна и шиъ ма цхьабосса деза,
Лаъа даим царна хастам бан!...

Авторо шуьйра тематика юкъа а ялош, чулацамах кхета атта а йолуш, шайн к1оргера идейны маь1на а долуш стихаш ю кху сборникан mlexь.

Со ала ца г1ерта, xlapa книга язйина автор - Эдильсултанов Лом, кхоччуш хилла ваьлла поэт ву. 1ожалло цунна дуьненахь яккха тоьхна хан ца хаьа суна, амма ша юьхьаралаьцначу некъа m1epa юха вервоцийла-м хаьа суна.

Дала аьтто бойла цуьнан ша юьхьара лаьцначу халчу новкъахь!

Нохчийн меттан хьехархо
Тайдаев Джамалайла.

Страница 1 из 47 | Следующая страница
 
Уважаемый посетитель, Вы зашли на сайт как незарегистрированный пользователь. Мы рекомендуем Вам зарегистрироваться либо зайти на сайт под своим именем.
1) ч1епалг (13 мая 2007 14:08)
Керла къуона т1екхуьуш поэташ, яздархой бу вайн, aммa вайна хаьа мел халчу хьолехъ уьш бу.


... Марша ва хьо, тхан Министр!
Хьо-м тхан веза хьаша вап,
smile
2) Уца (28 сентября 2007 22:22)
...Ас сипи ойланех
Адам кхетор ду,
Хазчу дешнашца
Г1ала юттур ю.
Нагахь 1ожалло
Дахар хададахь,
Илли хилла уьш
Шуна декар ду!...

Невольная ассоциация со строками из известного стихотворения Апти Бисултанова:
Ас хьан ч1абанах г1айг1а юцур ю
К1айчу говрана туьйра дуьйцур ду...
3) ыы (23 февраля 2008 15:56)
прасмита портужа говоль
дасапи маг досоль
ванор амир рапут асиси
А вообще прикольноwinkwink
4) SERGUN (25 февраля 2008 22:46)
ничё не понял.. smilesmile
5) Поэт (5 марта 2008 09:23)
куда ты Ваня забрел? неужто расчитываешь что-либо понять еще? wink
Цитата: SERGUN
куда ты Ваня забрел? неужто расчитываешь что-либо понять еще? wink

6) Леча (20 марта 2008 13:51)
К сожалению чеченский язык становится лишь декоративным придатком к чеченцам и все меньше и меньше чеченцев которые знают и разговаривают на родном языке без чужеродных примесей! Невероятными темпами идет русификация и чеченцы теряют самобытность и элементы культуры и в качестве альтернативы берут все западное, декадентское! уже не редкость слышать подростковый говор с примесью русского мата в чеченском языке чего не было прежде! Если каждый чеченец не осознает и не поймет всю глубину нашего падения скоро от нас останется только Великое и Гордое некогда имя-Нохчо! Х1ай Веза Воккха Дела г1азакхийн 1азапех ларде ахь сан къам алий бен д1амадийша буьйсанна! Ламаз т1ехь вайн Парг1ато, Йозушйоцу Пачхьалкх х1отторан бахьанаш деха Аллах1е, вайн Иман Ислам деха къомана, т1аккха бен хирг бац юкъахь вайн барт!
Информация
Посетители, находящиеся в группе Гости, не могут оставлять комментарии в данной новости.
© 2005—2015 Нахская библиотека